Деза де даздаран д1ах1оттам
«Нохчийн зудчун де».
(День чеченской женщины)
1алашо:
Нохчийн зудчун сий, ийман, лелахааран башхаллаш, оьздангалла довзитар. Ненан маттаца йолу шовкъ к1аргъяр, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъяр, цуьнан йистйоцу хазалла, бух боцу маь1на довзийтар.
Т1едахкарш:
Берийн самукъадаккхар, хазахетийтар. Нохчийн зудчунга хила беза сий-ларам бовзийтар.
Г1ирсаш:
• эшарлакхаран г1ирс;
• эшаре ладог1ийтаран г1ирс.
Мероприяти д1аяхьар.
1-ра д1ахьошверг:
Массеран де дика а дойла! Марша дог1ийла шу, х1окху «Нохчийн зудчун денна» леринчу цхьаьнакхетаран декъашхой!
2-г1а д1ахьошверг:
Тахана вай дуьйцур ду уггар дезчу, сийлахьчу, дуьненан къинхетам, ялсаманера схьаеана оьздангалла ларъечу нохчийн зудчух лаьцна: вайн къинхетамечу нанойх, хьомечу йижарех, вайн кхетам лучу денанойх, ненананойх, дуьне хаздечу мехкарехь.
1-ра д1ахьошверг:
Мила ю-те и нохчийн зуда?
Малх бара иза, и лаьттахь яцахьара,
Зезаг дара иза, 1а дацахьара,
Иман-беркат дара иза, вай сий дахьара,
Дукха ехар яра иза, вай дог эцахьара!
2-г1а д1ахьошверг:
Нохчийн Республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица сентябрь беттан кхолг1а к1иранде «Нохчийн Зудчун де» ларар ч1аг1дина.
1-ра д1ахьошверг:
Берийн дахарехь, доьзалехь доккха ду ненан маь1на. Х1ора нана турпалхо ю.
Оьздангалла, дикалла, собар, къинхетам- иштта ду-кха Нохчийн зудчун васт, и шадерриг диканаш го вайна вайн республикан Куьйгалхочун ненехь Кадырова Айманехь. Вайн нохчийн зударинй, заь1апчу берийн, г1о оьшучу мискачу нехан ч1ог1а 1уналла деш схьайог1у иза.
Стихи.
Нохчийн зудчун Дезчу денца,
Аса хьо даггара декъалйо!
Ирсаца, беркатца, сатийсамца
Эзар шарахь яха хьо
****
Лараме….
Дезчу денца хьо декъалъеш,
Аса седарчий дохьур дара,
Вайн дахарехь, хьо ирсе еш,
Сайн ирс карийна вехар вара
****
Хьоме…..
Зударийн кху дезчу дийнахь
Говзаниг аса лоьху дош,
Сайн безам аса къуьйлу кийрахь
Ахьа латийначу ц1аро вагош.
****
Зударийн денца хьо декъалъеш,
Лаьа догах мохь тоха:
«Кху дуьнено елха ца еш
Эзар шарахь хьо яха».
****
Декьалхила Дезчу денца!
Ирсе, хаза яха хьо.
Хьо ехийла эзар шарахь,
Дуьненан къизалла ца ловш
****
Зударийн деза де ду, шу санна хаза,
Шарахь и цхьаъ дог1у доггах шу лара,
Дуьненахь х1ума дац- кха шул дукха деза,
Шун дуьхьа реза ду дуьне юха дара.
****
Хьо хьаста тоьур дац сан меттан дешнаш,
Хьо йийца къен ду-кха со ала г1ертарш,
Ирс хуьлда лепадеш хьан дахаран куьзга,
Хьо йолчохь лекъар дац ийманан шовда,
Нохчийн зудчун денца декъалйо хьо!
2-г1а д1ахьошверг:
Даим сийлахь а, еза а ю нохчийн къоман зуда. Иллешкахь хестийна цуьнан г1иллакх-оьздангалла. Дала уггар еза сийлалла елла цунна – нана хилар.
1-ра д1ахьошверг:
Дукха ю нохчийн зудчун еза, сийлахь аг1онаш. Ши б1е шо хьалха паччахьан эскаро Дадин- Юрт йохийна йийсаре буьгуш болу нохчийн мехкарий хи чу лилхина, 1ожалла т1еэца резахилла уьш, шаьш сийсаз ца байта.
Халкъана, махкана шен цхьаъ бен воцу к1ант д1авелла чуйирзина Адийн Сурхона нана нохчийн зуда хилла.
Дагна там хуьлу йистйоцу хазалла нохчийн зудчух лаьцна юьцуш.
Уьш хьестор бу лаьттана гонаха малхо го мел туьйсу.
Хинца шун лакхарчу тобано д1аолу Рашидов Шаидан дешнаш т1ехь илли
Зама, ма сихло нанна т1екховда
Зама, хьо сих ма ло, нанна т1екховда,
Йисинчу сан хенах дехьа ши дакъа.
Цхьа дакъа, доьху хьоь, цунна д1алохьа,
Со ирсе вехар ву лаьтта т1ехь т1аккха.
Парг1ат а хир вара, кхерам д1абаьлла
Даг чуьра, дахарехь нанна гуо туьйсуш.
И ехаш хиларна самукъадаьлла,
Сийлалла, йозалла байташкахь юьйцуш.
Стигларчу малхал а йовхо ло нанас,
Баланаш д1аойу, г1айг1анаш йойу,
Берриге д1аоьцу кийрара бала,
Хьох даьлла г1алат а чов ца еш дойу.
Х1ай зама, сих ма ло, нанна т1екховда,
Йисинчу сан хенах ах д1ало цунна,
Массо и кийрара долу дош довха
Ду цуьнан, цо делла дахар а суна.
1-ра д1ахьошверг:
Нохчийн зуда г1иллакхе- оьзда х1усамнана хилла ца 1а, цо даим юкъараллехь д1алаьцна хьакъйолу меттиг: и ю 1илманан декъехь, т1еман арахь, моссо декъашкахь цо гайтина шен корматалла.
Хелхар « Нохчийн йо1 ». Лакхара тоба.
2-г1а д1ахьошверг:
Экама а, лараме а хилла вайн къоман зудчунца доьзна массо а х1ума. Зуда ларар, цуьнан сий лардар, ц1ийнан сий цунах доьзна хиларо гойту, мел лакхарчу т1ег1ан т1ехь хилла Нохчийн зуда. И дуьйцу вайна дайх йисинчу хазно- кицнаша а, аларша а.
Зезаго санна керт-аре хазйо лела хуучу зудчо.
Зудчун хьекъал цуьнан хазаллехь ду.
Дика зуда-дуьненан меха .
Зудчун сий диначо шеен х1усаман сий дина.
Зудчун б1е са хуьлу.
Дикачу зудчо мостаг1чуьнца а барт бина.
Зудчо цалеринаг доьзалло ца лерина.
Зуда вон ю бохуш леллачунна цуьнан дика аг1онаш хуур ю, и йоцуш висча..
Йо1 кхиъча, нахана керт евзина.
Хаза йо1 тиша коч йоьхча а хуьлу хаза.
1-ра д1ахьошверг:
Х1инца шун лакхарчу тобанар к1ентарша д1аолу«Нохчийн йо1» ц1е йолу илли
I. Ламанца хазачу сарахь
Шовдане кхайкхарца хьо
Хьа къона жима дог хьаста
Сагатлой ган вог1у со (2 раза)
Припев:
Йист хилар ду оьзда
Г1иллакхе синтеме ю
Нохчийн йо1 - б1аьстенна заза
Иллешца хьо хестор ю
II. Мел тайна хьан хабар суна
Эсала боккху ког байн
Лепийта б1аьргийн нур суна
Ца леч1къош куьгашца гайт
Припев:
III. Суьйранна шовдане йистехь
Хьан сирла б1аьргашчу хьежа
Вог1у со езарна сил а
Безамна дош хьоьга деха (2 раза)
Припев:
2-ра д1ахьошверг:
Нана, йиша, х1усамнана- и шаерриг хьан ц1е ю, Нохчийн зуда!
Ахьа йовлакх охьатесча, дирзина-кх мел доккха а дов.
Хьан т1ома к1ел иккхича, витна-кх ч1ирхо мостаг1.
Вешин къин мохь т1елоцу берг ю , боху-кх, хьо къемат-дийнахь.
Ненан до1ано ло, боху-кх, Дала жоп.
Ненан когаш к1ел ю боху-кх, ялсмани.
1-г1а д1ахьошверг:
Нохчийн къоман оьздангаллин серло дуьненчохь латто ехийла-кх Нохчийн зуда- нана, йиша, х1усамнана! Дела реза хуьлда шуна. Дала аьтто бойла!